ФСИН-н исс белхахочо йиттинчу Цагалаевн гIуллакх кхеле кхачийна
Ярославлерчу номер 1 йолчу колонехь хан яьккхинчу Цагалаев Абубакарна йеттарна тIехула долийна бехктакхаман гIуллакх Заволжскерчу кIоштан кхеле дIакхачйна. Iазапаш хьегийтарх гIуллакхехула бехкевина ФСИН-н хIинцале балхара дIаваьккхина исс белхахо: Баланов Владимир а, Богданов Игорь а, Бровкин Алексей а, Вихарев Алексей а, Камиронов Игорь а, Коковин Иван а, Семенов Александр а, Цветков Руслан а Яблоков Максим а, хаамбина The Insider (арахьарчу агентийн тептаре язйина ресур) гIирсо.
Стохка Чиллан-баттахь, 2016-чу шарахь ИК-1 колонехь тутмакхашна ницкъбарх керла видеош гучуевллачул тIаьхьа долийнера бехктакхаман гIуллакх. Регистраторца дIаязйинчу видео тIехь гуш ду, масех стага дIа а лаьцна, стоьлтIе охьавиллинчу Цагалаев Абубакарна колонин кхечу белхахоша чхьонкаршца етташ.
Цагалаев маьршаваккха ши кIира дисинчу заманчохь колонин белхахоша сийсазвора иза талламаш бечу хенахь, лаьтта охьакхоьсира КъорIан, цуьнан юург а дIасаяржийра. Ша Цагалаев гIуданан изолятор чу хьажийра, цигахь сабIарзделлачу цо ангалин геригца шен куьйг хадийнера. Оцу тIехула масийттазза йиттинера цунна ФСИН-н белхахоша, иза кхетамчуьра а воккхуш.
Оьрсийчоьнан Талламан комитето 2021-чу шеран Чиллан-баттахь лецира Ярославлерчу номер 1 йолчу колонин хилла хьаькам Николаев Дмитрий.
Примоскан кIоштарчу Волчанец эвлахь меттигерчу номер 27 йолчу колонехь йиттинчул тIаьхьа лазийнера Нохчийчуьра вахархо Адаханов Хьусейн, цул тIаьхьа кхелхира иза.
Шерашкахь далхадора шайна тIехь гIело латтош хилар Оьрсийчоьнан набахтийн урхаллин Саратов-махкарчу туберкулезах дарбадечу хIусаме кхочучара. Санитараш а, бахамна тIехьожурш а шайх бинчу тутмакхаша хьаькамийн я ФСБ-н "М" декъан белхахойн лаамца Iазапе верзавора шаьш санна волу тутмакх, видеогайтамашка а дуьллура шаьш дийриг. ГIадужу-баттахь бакъонашларъяран Gulagu.net проекто яржийра интернетехула оцу могIарара йолу Саратов-махкара видеоматериалаш. Лелларг бахьанехь масийтта бехктакхаман гIуллакх гIаттийна.