Другие новости Кисловодска и Ставропольского края на этот час
Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

"Оццул кIезиг адам хилар". Кадыровн ГIалгIайчоьнца ша-шеггара эгIар а, машаре вахар а

ТIаьххьарчу мукъаденошкахь чекхъелира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана луларчу ГIалгIайчоьнан бахархошна тоьхначу "ультиматуман" хан. Цо кхо де деллера царна шеца церан йолу гамо йовзийта, хаийтинера ша "доллучунна а кийча" вуйла, нагахь санна цигара схьа ша сийсазвен къамелаш кхидIа а хезаш хилахь. ГIалгIайчуьрчу нехан аьрзнашка ла а доьгIна, цхьадерш царех довзуьйтуш, вуьйш гIара даханза дуьтуш, цхьана авторца телефонехула къамел а дина, дIахьедира: дерриг дика ду, "гIалгIашца проблемаш яц". Амма юкъаметтигашца кху Дечкен-баттахь лилхина цакхетамаш дуьххьара бац, гарехь, бац тIаьххьара а.

Есташ лаьтта конфликт рогIерчу тIегIане кхачийнарг дара гIалгIайн делегаци Нохчийчу яхар а, цIакхаьчча цуьнан декъашхойх цхьамма ша лулахошка хьошалгIа вахар шена бехкедечу махкахошка къинтIербовлар дехар а.

"ХIун хуьлу хIинца, нохчо ваха мегаш дац ГIалгIайчу, гIалгIачунна -Нохчийчу? Вовшана маралелхарна нах къинтIера баха деза вайн? Эхь дац иза оццул шайн тайпан стаг пайдабоцчу ваккхар?! Провокаторшка ала хIинца: шу нах дац, борша а дац, ас цундела латта дIадаьккхина шуьгара. Шуьгахь йисина тхайн ярташ а дIайохур ю, ас иза ца дича, шу совцур долуш а дац, – дIахьедира Кадыровс.

Шен къамелехь емалвира цо ГIалгIайчуьра массех юкъаралхо, царалахь вара Барахоев Ахьмад а, муфтий Хамхоев Iиса а. Шайн хьаькамна тIаьххье видеокхайкхамаш хьовсийра Кадыровн гонерчу баккхийчу хьакамаша а.

Амма кхо де даьлча регионан куьйгалхочо хаам баржийра, ГIалгIайчуьра шега дов ца хьахий цхьаммо а, ца эли шен тайпан хьалханчашка цхьа а хIума, ца гIаттий ша динчу къамелна дуьхьал чIир. Дерзош  кхайкхамбира Кадыровс нохчашка: " дIаяккха негатив", кхин ма хазийта лулахойх лаций кIон дешнаш.

"Вац Рамзан ГIалгIайчоьнан а, я гIалгIайн а мостагI. Вай вежарий хила а ду, дан а ду… Цундела дIабах ас шуга, господа бакъонашларъярхой ду бохурш, йохкаелла чIагIалкхаш, гIуллакх хир дац шун, ма гIерта къаьмнаш вовшахдаха", – аьлла дерзийра Кадыровс.

Цхьа а вист ца хилира?

Кадыровс бохура, шега гIалгIашкара претензеш ца кхечира. Амма цо деллачу кхаа денна чохь, нахана а гуш, цуьнга къамел дира лаххара а шина стага.

Дечкен-беттан 13-чохь Кадыров видеокъамелехула бехкевира Барахоев Илеза ГIалгIайчуьра протест бахьанехь набахте кхачийначу шен дена цо "хьаштдоцург" аларна.

"Ас хьоьга доьху хаза, вайнехан Iедалехь сан дех лаьцна айхьа аьлларг юхаэцар. И дешнаш ахь аьллачул тIаьхьа суна хIара латта хьеша а хала хир ду", – бохура Барахоевс.

 

ТIаьхьо гучуделира Кадыровс цуьнга телефон тоьхна хилар а, "гIуллакх дирзина" хилар а.

Яра яьржина кхин а цхьа видео а. Ультиматуман кхоалгIачу дийнахь Кадыровга къамел хьажийра "Мекх-Кхел" цхьанакхетараллин куьйгалхойх волчу Султыгов Сираждина. Кхо претензи хазийра цо: дозанах, гIалгIайн жигархой сийсазбеш, Нохчийчоьнан куьйгалхоша юьйцу харцо, Нохчийчохь бехачу гIалгIашкара ледара хьал.

"Яккха цхьа гIулч, лаьттан хьокъехь шина а агIонан комиссеш охьа а ховшаяй, болх байта цаьрга", – хьоьхура Султыговс.

"Дов" дирзинчу а, "негатив дIаяккха" аьлла къамел Кадыровс динчу шолгIачу дийнахь блок туьйхира  гIалгIайн "Мекх-Кхелан" ютьюб-канална. Интернетерчу "Фортанга" газете Султыговс дийцира хилларг: видеохостингехь йохийна юкъаралхойн аккаунт, тIаьххьара цу чохь хилла Соьлжа-ГIалара Дечкен-беттан 16-чохь 15:29 хан йолуш.

 

ГIалгIайчуьра жоп (претензеш) ца кхечира аларца Кадыровс "гуш лаьтташехь харцдерг дуьйцу", боху  бакъонашларъярхойн "Мемориал" центран (Оьрсийчохь арахьара агент лору иза, амма цо тIе ца эцна шена и статус – Ред.) куьйгалхойх волчу Орлов Олега.

"Цунна ца хуийла дац шена претензеш дIахазош видеожоьпаш делла хилар лаххара а шина ГIалгIайчоьнан вахархочо – лаьттан проблема гIатторна набахте хьажийначу политикан тутмакхан кIанта а, шолгIачу жигархочо а. Оцу нехан претензеш яра Кадыровс шен къамелехь маьттаза мотт дерриг къоманна дуьхьал лебарна", – боху Орловс.

ХIоьттинчу хьолехь шена иза гуш доцу кеп хIиттайо Кадыровс, ша жоп дала оьшуш доцуш санна, дуьйцу бакъонашларъярхочо:

"Вукху агIор, гIалгIайх лаьцна вониг ма дийца цо аьллехь, иза нийса, хьекъале гIулч ю. Далла бу хастам цуьнгара наггахь мукъане а кхетаме дерг а долуш".

"ГIалгIайчоь йийцар тоьлу"

Дар-дацар эккхале Соьлжа-ГIалара баьржа хаамаш гуттар а кхечу хьесапера бара: Кадыровн критикийн гергарнаш лецарх. Шайн гергарнаш лечкъорах лаьцна дIахьедарш даржийра ялхаммо: бакъоларъярхоша Янгулбаев Абубакара, Садулаев Мансура, Арцуев Аслана, иштта блогерша Абдурахманов Тумсос а, Халитов Хьасана а, Мализаев Микаила а.

Нохчийчуьрчу Iедалхоша и хаамаш "аьшпаш, дезинформаци" ю элира, амма шайн инстаграм-пабликашкахь бовдийначех дерг довзуьйтуш, уьш могуш-маьрша бу, цхьаммо а ца бовдийна, аьлла, гайтира Абдурахмановн а, Халитовн а гергарнаш.

 

"Сан кхетамехь, Кадыровс иштта лаьттаца дерг а гIиттош, керлачу хайпе дерзийна хьал, махкахь шен критикийн нах лечкъор хьулдеш, юкъараллера къамелаш дижош", – боху бакъонашларъярхочо Янгулбаев Абубакара.

Диктатурин режимехь даима Iехабо, доцчу хIуманца нехан тидам езачу чоьхьарчу проблемашна тIера дIа а хьош, тешна ву иза.

"Кадыров ша волавелира гIалгIашца иккхина дар-дацар десто, иза дижина аьлла хетачу хенахь", – билгалдоккху юриста.

Иштта ца го хьал Орлов Олегна, цо шен-шен орам болуш лору нах идоррий, гIалгIашца латта къовсаррий. Иштта хьажам бу нохчийн политикан, "Кавказан къаьмнийн ассоциацин" президентан Кутаев Русланан а.

"Кадыровна гIалгIашка ша вист хуьлуш хаа лиина ша баккъал а мила ву церан бIаьргаш чохь, цундела хаьттина претензех лаьцна а. Суна гарехь, вовшех йозуш а йоцу ши проблема ю вайна гушдерг, цхьанна тIера нехан тидам дIабахьархьама эккхийтина ши проблема (нах идоррий, гIалгIашца юкъаметтигаш къесторрий. – Ред.)", – аьлла хета Кутаевна.

"Тидамза дитар – церан амалехь дац"

2018 шарахь иккхира лаьттаца долу дов, Кадыров Рамзана а, хIетахьлерчу ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а доза къастош тIеэцна сацам бахьанехь. Шина махко дехьа-сехьа елира латтанийн асанаш. Бина барт ца тайра гIалгIайн декъанна – Магасехь митингаш йолийра резабоцчара, уьш лаьттира 2018-чу шеран гурахь а, рогIерчу шеран бIаьста а. Доза шайна эшам а хуьлуш къастийна, бохура протестхоша.

Лаьттах долу гIуллакх Кавказан хиламашкахь хаьлхарчу метте маситтазза иккхира: стохка, Лахьан-баттахь, доза къасталучу Фортанга хица некъан белхаш дIахьош хиларца доьзна.

Лаьттан бертан къамел дендар дийхира хIетахь "ГIалгIайн тайпанийн кхеташоно". Нохчийчоьнан парламентан спикера Даудов Мохьмада делла жоп иштта дара: и юкъаралла "жIуган кхеташо ю", "салам дала нах а бац". Цо кхайкхира шен оппоненташ Фортангина гергарчу хьуьнха, латта шайн ду аьлла Къорана тIехь дуй баа. Къовсам марсабаьллачу деношкахь Кадыровс тIеман Iамораш дIакхайкхийра кхаа денна, дIахьош бара и барам ГIалгIайчоьнна гергарчу ГIаланчожахь.

И тайпа дар-дацарш кест-кеста хуьлу, хир а ду, тешна ю "Конфликтийн анализ яран а, духьалолатторан а центран" директор Сокирянская Екатерина.

 

"ГIалгIайчуьрчу алссам декъо листанза лору дозанаш долу гIуллакх, ца лору иза нийсонца дирзина. Протест луьрачу репрессешца дIалакъийна, резадацарш Iаьгна юкъараллехь, и тема хьашалур яц, йижалур а яц, лазаме хиларе терра, Iийжаш, гIуттур лаьттар ю", – боху Сокирянскаяс.

Дечкен-баттахь Соьжа-ГIаларчу ловзаргахь Кадыровна мараветтавелларг шайн гIалгIашна хьалха бехказвийларна иккхинчу девна бухахь ду кадыровхоша шайна аьлларг цкъа а дуьтуш дацар, билгалдоккху бакъонашларъярхочо.

"Критика тергамза йитар церан амалехь дац. Дуьхьало, шога дуьхьало йо цара социалан машанашкахь блогерша шайх лаьцна мел олучунна. Буха дуьллучух тера ду, ахь цхьаъ тидамза дитахь, нах хьох кхоьручуьра совцур бу бохург. Герехь нохчашна а, ерриг а Кавказна а хьалха шайна иштта лелар бIегIийла хета царна", – боху Сокирянскаяс.

Ша кIезиг адам хилар гайтина Кадыровс Дечкен-беттан девнехь, элира Орловс.

"Мел йинчу Iоттарна, критиканна, ГIалгIайчуьрчу жигархочун, политикан, блогеран, хьеннан а къамелна регионан куьйгалхочо, Кавказан а, ур-атталла Оьрсийчоьнан а куьйгаллехь хила лууш волчу цо жоп даима делла. Оццкул кIезиг хилар, шех лаьцна аьлла мел доца дош а тергоне эцаро дика йовзуьйту цуьнан шен амал а", – аьлла хета экспертна.

***

ГIуран-беттан 15-чохь Кисловодск гIалин кхело набахте хьийсийна, 7,5 – 9 шераш а кхайкхош, Ужахов Малцаг, Барахоев Ахьмад, Мальсагов Муса, Нальгиев ИсмаьIал, Хаутиев Бахьавдин, Чемурзиева Барах, Саутиева Зарифа. Уьш бекхебина Магасерчу 2019 шеран Зазадоккху-беттан 27-чохь хиллачу, доза далхочу митингехь полисхошна гIело ян арабовларна а, экстремистийн тоба кхолларна а.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

Рассказ русского вологодского писателя Андрея Малышева Баба Дуся спасает мир !



Жизнь

Всероссийский субботник пройдет на территории сервисного локомотивного депо «Москва-Сортировочная» 27 апреля!






Новости 24 часа

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Game News

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Кисловодск

Общероссийкая зарядка, в которой участвовал Ставрополь, стала рекордной



News Every Day

Geri Halliwell & Christian Horner ‘in talks’ to make fly-on-the-wall Netflix doc as couple move on from sexting scandal



Интернет

Компания Axenix стала партнером Президентской академии



Кисловодск

Обновление школы и спорткомплекса в двух сёлах Ставрополья продолжают держать на контроле



Песня

Вывод Песни, Альбома, Клипа в ТОП Музыкальных Чартов – iTunes, Apple Music, Youtube Music, Яндекс.Музыка, ВК и Boom, Spotify.



Кисловодск

Экогалерея «Вторичка» с инсталляциями из переработанного мусора появилась в Кисловодске



WTA

WTA сообщила о достижении Рыбакиной после победы над Швентек



Ставрополь

Ставропольский пианист Сергей Давыдченко рассказал, как попал в команду Мацуева



Спартак

Yeni Asir: "Спартак" предложил контракт тренеру "Галатасарая" Буруку



Симферополь

Информминутка «Азы финансовой грамотности»



Кисловодск

Кисловодчане пожаловались на свалку строительного мусора на остановке



Ставропольский край

Сроки ремонта георгиевской райбольницы проработают по поручению губернатора



Москва

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Кисловодска — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Кисловодска или других населённых пунктов Ставропольского края мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Кисловодске можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа в Кисловодске и Ставропольском крае






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Кисловодска и Ставропольского края. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Кисловодска — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в Ставропольском крае
Ставропольский край

Инсталляции из старых музыкальных инструментов покажут в Кисловодске





Путин в Ставропольском крае
Ставропольский край

Брянский эксперт Сергей Горелов прокомментировал поручение Президента России


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Сегодня президент Беларуси Александр Лукашенко встретился в Минске с губернатором Поморья Александром Цыбульским




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Байден заверил Зеленского в скорых поставках новых пакетов помощи


Навальный в Ставропольском крае
Москва

Мосгорсуд оставил в СИЗО журналистку Фаворскую, обвиняемую в экстремизме за репортажи о Навальном



Здоровье в Ставропольском крае


Частные объявления в Кисловодске, в Ставропольском крае и в России






Загрузка...

Загрузка...



Валерий Гергиев

Валерий Гергиев – о Псковщине ее творцах: Псковичи должны гордится, что такой гениальный музыкант родился здесь



Кисловодск

Школу на 440 мест в селе Кочубеевском планируют ввести в эксплуатацию 30 апреля

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net