Лаккхарчу кхело дIадаьккхина вакцинаци яр тIедожорах лаьцна Джо Байденан указ
Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Лаккхарчу кхело Дечкен-беттан 13-хь сацийна яккхийчу компанийн (100 а, кхин сов а белхахо волчу) белхахошна вакцинаци я COVID-19 тесташ яр тIедожош президента Джо Байдена арахецна мандат. И тайпа тIедожор хьакхалур дац федералан бюджетера ахча луш йолчу медицинан хьукматех бен.
2021-чу шарахь Лахьан-баттахь OSHA-н (кхерамазаллин техникехула а, белхан гигиенехула а йолчу федералан Урхалло) делла омра дIадаккхахьара аьлла Лаккхарчу кхеле арз динера лехамхойн тобано, коьртехь ОхIайо штат а йолуш, Йозуш йоцучу бизнесан къоман федерацино – хьалхо Миссури штатехь федералан кхело бина сацам юхабаьккхинчул тIаьхьа лахарчу суьдо.
ДIадаханчу пIераскана дийнахь, Дечкен-беттан 7-хь суьдхоша ладуьйгIира лехам луьстуш дакъалоцучу агIонашна хетачуьнга, хаам бира "Американ Аз" портало. Суьдхошна хетарг декъаделира. Мандатан болх сацорехьа хилира консерваторш лору 6 суьдхо. Дуьхьал кхаж теснарг вара либералан ойланаш йолу 3 суьдхо.
Ницкъ болуш дисна вакцинаци яр тIедожор медицинан хIукматийн белхахой, шайна юкъахь Iедалера Medicare а, Medicaid а программашкахула страховани йолу дарбан ц1енош а, къоной беха х1усамаш а йолуш - уьш 10,3 миллион белхахо ву.