World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

ШайтIа аларна жоп лур ду ахь. Стенна оьшу Кадыровна шега гечдар дехийтарш?

ШайтIа аларна жоп лур ду ахь. Стенна оьшу Кадыровна шега  гечдар дехийтарш?

Кадыров Рамзане гечдар доьхуш марафон дIайоьдуш ю Нохчийчохь а, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а. Кеп-кепарчу регионийн бахархоша рогI-рогIана "шайтIа" олу мехкан куьйгалхочух, ткъа тIаьхьа шайна къинтIера валар доьху, социалан машанашкара шайн аккаунташ дIа а йохуш.

Шен деца-ненаца Подмосковьехь вехачу 15 шо долчу дагестанхойн кхиазхунна тIехула иккхира тIаьххьарчу муьрехь, гечдар доьхуш скандал. Инстаграмехь Кадыровн йоьдучу трансляцехь, "шайтIа" ду иза аьллера цо. Нохчийчоьнан куьйгалхочо чIагIо йира, шена вас йинарг "карон а, иза хIаллакван а".

Цул тIаьхьа масех де даьлча кIентан дас а, цуьнан Дагестанехь бехачу гергарчара а цхьаьна Кадыров къинтIера воккхуш видео дIаязйира. Хетара, оцу тIехь дерриг а доьрзур ду.

Амма, Стигалкъекъа-беттан 21-чохь Кадыровх "шайтIа" элира Пермерчу дешархочо.

 

"Дукха хан йоццуш керла хаам гира суна, цхьаммо Кадыровх шайтIа аьлла, шайтIа дан а ду иза-м. Цул тIаьхьа боллу цуьнан доьзало гечдар дехна. Суна и нийса дац аьлла хета. Нохчийчоьнан республикан урхаллера дIаваккха веза Кадыров бахархошца оцу тайпа леларна. Къаьсттина кхечу республикан бахархошца, дагестанхошца цо лелочунна", - дIахьедира жимчу стага.

Дукха ца Iаш, инстаграм-пабликашкахь зорбане ехира цо Кадыров къинтIера воккхуш, дIаязйина видеош.

Шен агIоне дуккха а нах язбалийтархьама аьлла дара ша, Нохчийчоьнан куьйгалхо "бакъволу къонах а, шен къоман лидер а ву", ткъа "шайтIа" ша ду элира цо.

Цуьнца цхьана машанашкахь флешмоб йолийра оппозицин IАДАТ телеграм-канало "КадыровШайтIа" ("КадыровШайтан") хештег а хIоттийна.

Кхиазхошка бертаза гечдарш дехийтарна эргIадбахначара мехкан куьйгалхочух лаьцна шайна хетарг кехата тIе а яздеш, цуьнан суьрташ а дохуш, даржийра. Карарчу хенахь оцу тайпа суьрташ иттаннашкахь хилла ца Iаш, бIеннашкхаь а хила тарло.

Кадыров сийсазвеш цхьаболчу флешмобан декъашхоша Оьрсийчоьнан вахархочун паспортан, пачхьалкхан даржашкахь хиларх кехатийн-тоьшаллийн я герзийн фонехь йозанаш дуьтура, вукхара суьрташ дохура езачу, лоручу меттигашна хьлха дIахIуьттий, иштта дозанал арахьа болчара а.

Царна дуьхьал кхин а хIиллане жоп делира Кадыровна пиар ечара. Массо а гечдар дехийта тIеозон таро йоцчу цара Соьлжа-ГIалахь дуьхьал шайн флешмаб йолийра – "КадыровНашаГордость" (КадыровТханДозалла)аьлла, хештег а юьллуш.

Йозанаш зорбане дохура Нохчийчоьнан куьйгалхочун суьртан гонах а, кеп-кепарчу меттигашкахь а - говра тIехь, ламаз дечу заманчохь, байракхна хьалха коьртахь куй болуш а.

Нохчийн пачхьалкхан хаамийн гIирсаша чIагIдо, дуккха а республикера а, пачхьалкхан кхечу регионашкара а гоьбевлла нах схьакхийтира флешмобах, бохуш. Билггал и бакъ ду я дац - хууш дац.

Инстаграмехь карарчу хенахь 13 эзар сов публикаци ю "КадыровНашаГордость" хештегца зорбане яьккхина. Бакъду, царех дукхахъерш- шеконе йолчу аккаунташа кар-кара оьцуш пайдаоьцу цхьа пост ю.

ТIаьххьара массарна а гуш Кадыров къинтIера ваьккхинарг ву Тулера вахархо. Юьхьанца видео дIаязйира оцу стага, Пермерчу кхиазхочунна тIехIуттуш. Нохчийчоьнан куьйгаллехь волу Кадыров шен дена ямартваьлла элира цо.

ТIаьхьо кхетийра цо шегара даьллачух - "меца а волуш, къаьркъа меллачохь" аьллера ша бохуш. Карарчу хенахь цуьннан "ТикТокера" аккаунт къевлина ю.

Мехкан урхалхочунна вас йина нах муха лоьху кадыровхоша дийцира байначу беттан 26-чохь юкъаралхочо Мамаков Салавдис. Цунна хетарехь, Нохчийчохь и болх цхьана наха саццанза дIахьош белахь, махкал арахьа диаспоран векалша жоп ло.

"Нохчийчоьнан куьйгалхочун регионашкара массо а векалш декхаре бу ситуацина мониторинг ян а, оцу тайпа меттигашна тIехь терго латтон а. Цхьаъ тусалахь, сихонца бакъоларъяран а, кхелан а органашка дIа а хьедина, и нах "меттабалон" декхаре хуьлу уьш. Шен хенна само а йина, ницкъаллин структурашка орца даккхахь, и тайпа нах лаха а , карон а атта хуьлу", - дIахьедо Мамаковс.

Хьалха дуьйна а хууш дара, шен оппоненташца къийсам латтош Кадыровс Оьрсийчоьнан бакъоларъяран органех а пайдаоьцуш буйла.

Чиллан-беттан юьххьехь Лахарчу Новгородехь лачкъийна вигира Нохчийчуьра ведда ши ваша - Магамадов Салехь а, Исаев Исмаил а. Цул совнах, Охан-баттахь Оьрсийчоьнан полицино дуьхьало ца йира, Францино схьавелла нохчийн мухIажар Гадаев Мохьмад Керлачу Уренгойхь кадыровхоша лоцуш.

Анализ яран а, конфликташ ца хилийтаран а центран директорна Сокирянская Екатеринина хетарехь, шега мел олу дош, ироница аьлларг а цхьана Кадыров Рамзана ишта лазаме тIеэцаран бахьана ду, шен ма-хуьллу Iедал карахь сацон иза гIортарца доьзна.

"Нохчийчохь Кадыров Рамзанан культана пропаганда ю еш. Тоталитаран анклав ю иза, ткъа забаро а, сарказмо а, маьрша къамел даро а тоталитаран лидеран сий дойъу. Республикан куьйгаллина дика хаьа, бакъйолу легитим шайн йоцийла, цундела урхалла карахь сацон йиш ю, цхьана агIор, нах кхерош, вукху агIор, Iедалх бозучу нахана юкъахь рицкъ дIаса а доькъуш", - боху Кавказ.Реалиица къамел дечо.

Цунна хетарехь, нахехь кхерам латторхьама, кадыровхошна коьрта ду, режимна дуьхьал болчарна тIехь Нохчийчохь терго латтийна ца Iаш, Оьрсийчоьнан дозана тIехь а, кхечу мехкашкахь а шаьш ларош дуйла дIагайтар.

Цуьнца кхетадо бакъоларъярхочо, Пермерчу кхиазхочьунга а, Тулерчу вахархочуьнга а гечдар дехийтар.

Юккъерчу Оьрсийчоьнах хьакхалуш делахь а, Нохчийчуьра хезачу кхерамашна Кремло реакци цаяр Сокирянскаяс кхетадо, шайн бахархой Iалашбан федералан Iедалхой лууш цахиларца.

"Вайна гуш ду, Нохчийчохь бакъо йоцуш ницкъбеш хиларх Кремло терго еш цахилар. Суна схьахетарехь, Кремлан позици муха ю - нохчех доьзна мел дерг нохчийн куьйгалхочун карахь дитар. Ткъа цунах лаьцна долу цIен сизаш, дац уьш нах Iалашбарца доьзна. Политикан интересашца доьзна ду уьш", - аьлла хета бакъоларъярхочунна.

"Iазапашна дуьхьало латторан Комитетан юриста Янгулбаев Абубакара Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, кхиазхошка гечдар дехийтар - воккхачу стага, тIехула тIе пачхьалкхан хьаькамо оцу кепара тIеэцар лартIехь хIума цахилар.

"Дешархоша интернетехь дечу дIахьедаршна оццул лазаме, шога реакци яр хIокху ситуацехь суна го оцу стеган синIаткъамца проблемаш хиларца. Бехк хила тарло, Кадыровн дуккха а комплексаш хиларца а. Оцу кепарчу дIахьедарийн терго ян ма ца оьшу даржехь волчу стага, хьаъа а хIуъа а яздан ма тарло. Нагахь санна, дIахьедарш шена ца тайнехь, пачхьалкхан Iедалан векал ша хиларе терра, низамашкахь дан деза цо ша дийриг. Шен сий дайъина аьшнашвина аьлла, иск чуяла еза. И хеттарш криминалехь дерзон ма ца деза цо", - билгалдоккху юриста.

ТIаьхьий-хьалхий Кадыровна хьалха нахе гечдар дехийтар, цунна гергахь хьасталуш, цуьнгара цхьаъ шайна йожийта лаамца Кадыровна муьтIахь болчу наха лелош хIуманаш ду аьлла, тешна ву къамел дийриг. Низамашца а догIуш, билгалдоккху Янгулбаевс, Нохчийчуьра кхийкхош болу кхерамаш талла дезаш хIума ду.

"Цхьана агIор федеративан статус а йолуш пачхьалкх ю вайн. ХIетте а, муха лела Кадыров, нагахь санна, иза низамашкахь велахь, Кремло сагатдан оьшуш дац.

Вайна ца хаьа, шен вас йинчу нахе цо муха ша къинтIера воккхуьйту. Амма цо ша ма элира, стаг "хIаллаквийр ву", дуьххьал дIа ма элира цо ишта.

Кхузахь Кремл меттахъяьлла ца Iаш, бакъоларъяран органаш а цхьана талламаш боло безара, ткъа цхьаммо а хIуммаъ а деш дац", - дерзадо шен къамел Янгулбаевс.

Швецехь вехачу нохчийн Iедалхойн критикна, оппозицин блогерна Абдурахманов Тумсона хетарехь, Кадыровс гечдар доьхуьйту шега "бекхам беш, ша чIогIа ву моттуьйтуш".

"Ша цхьа чIогIа къонах ву моттийта хьийзаш, "базарх жоп дала декхаре беш", цхьаннах тарвала гIерташ лелош хIуманаш ду. Кхузахь кхин цхьа стратеги а ю, шена критика яр, ша аьшнашвар ца лало цуьнга, ткъа къинтIера ваккхар даржорца цо доьхку кхечарна шена критика ян а, сийсазван а. Гечдар доьхуш Iорайохучу видеоша дог доккху критика ярх стенна дуьйцура, аьшнашван а цхьана", - боху Абдурахмановс.

Федералан Iедалша оцу гечдарийн терго цаяр, блогерна хетарехь, царна пайден ца хилар ду.

"Суна хетарехь, Кадыровн-гангстеран имидж латтор Путинна шена пайден ду. ЗIенашца латтон Путинан жIаьла ду иза, цуьнга бен сацалур а доцуш", – дерзадо шен къамел Абдурахмановс.

Ша Нохчийчоьнан урхаллехь волчу 14 шерачохь Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан президлент Путин Владимир бен къинтIера ца воккху, хIоразза а ша цунна тешаме хиларх чIагIо а еш.

ТIаьххьарчу цхьана баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо шозза дуьхьалъяьккхира Кремлна шен позици. Кадыровс Израилан Iедал декхаредира полици а, палестинахой а вовшахлаташ Ал-Акъса маьждиге гулбелла нах лазорца доьзна бусалбанаш кIинтIера баха аьлла. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан официалехь хиллачу риторикаца ца догIура цуьнан дIахьедар. Цул тIаьхьа, цо шога комментарий йитира, коронавирусана дуьхьал вакцина тоьхна боцчарна, уьш цомгуш хилахь, дарба лелор дац, аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 28-чохь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, ша Путинна муьтIахь вуьсуш хиларх: "Цунна хьалха долчу декхарна дуьхьал со кийча ву эзар чакхарма муьлххачу агIор а текхна ваха, муьлхха а, мел чолхе хиларх, цуьнан омра кхочушдан а".

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

В Архангельске стартовала лаборатория городской среды «Выход в город»



Мода

Новые коллекции Dora Nikolaeva и Kotova






Новости 24 часа

Предложения АИРР поддержала комиссия Госсовета



Game News

Видеоновости: ЗБТ Zenless Zone Zero и Dark and Light Mobile, Cat Quest III на iOS, мобильные Олимпийские игры и другое



Москва

ОНК: замминистра обороны России Иванов помещен в СИЗО "Лефортово" в Москве



News Every Day

Laura Dern Is the Star of Roger Vivier’s New Short Movie



Настроение

Озеро Танцующих Хариусов



Москва

Документальный фильм об охотнице из ХМАО получил приз фестиваля «Золотой ворон»



Стас Пьеха

«В чем угодно, только не в красных стрингах!» Стас Пьеха рассказал о фотосессии на «Фабрике звезд» в шоу «УТРО. ТНТ»



Москва

Предприниматели Химок собрали более 1,5 тонны гумпомощи в зону СВО



Арина Соболенко

Соболенко: я предпочитаю смотреть мужской теннис, а не женский



Москва

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Россия

Случай на концерте Metallica в России



Симферополь

Вечер позитивного общения  «В мире нет милей и краше танцев и преданий наших»



Москва

«Где ваши манеры?»: интервью со звездным экспертом по этикету Дианой Булатовой



Москва

Сергей Собянин рассказал об обсуждении благоустройства еще восьми общественных пространств



Москва

Владимир Путин поздравил ветеранов с 50-летием начала строительства Байкало-Амурской магистрали



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

В Кабардино-Балкарии стартует крупнейшая экологическая акция «Вода России»





Путин в России и мире
Москва

Тема дня: Путин назвал сохранение духовных ценностей условием укрепления суверенитета


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко убежден, что белорусы «никогда еще так хорошо не жили»




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский допустил, что Москва и Киев начнут мирные переговоры


Навальный в России и мире
Москва

Проводивший панихиду по Навальному* священник запрещен в служении



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Татьяна Рязапова

Предложения АИРР поддержала комиссия Госсовета



Москва

АТОР: Turkish Airlines остановила продажи авиабилетов из России в Мексику

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net