World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

Валарг-хи. Гайта магийна йоцу Нохчийчуьрчу гейх яьккхина фильм а, цуьнан режиссер а (чаккхе)

Валарг-хи. Гайта магийна йоцу Нохчийчуьрчу гейх яьккхина фильм а, цуьнан режиссер а (чаккхе)

Хазов-Кассиа Сергей

Документалан кинон "Артдокфест" фестивало гайтемера яьккхина Нохчийчохь гомосексуалийн бакъонаш къуьйсучу жигархочух лаьцна йолу "Тийна аз" ("Тихий голос") фильм Шамаев Сулиманах тера волчу стага (шен инстаграмехь Шамаевс ша Пачхьалкхан Думерчу Нохчийчуьрчу депутатан Саралиев Шамсаилан гIоьнча ву боху) кхерамащ тийсарца доьзна. Къайлахчу петарахь фильме а хожуш, режиссерца къамел дира Радио Свободан корреспондента.

Магнито санна, нохчаша герга кхойкху

– Иза хIун феномен ю, дийцахь, нохчийн мухIажарш даима а нохчашна тIегIерташ ма-хуьлу, кхечу культурехь баха ца луш санна, цунах дийцахь. Хьан фильмехь инзарвоккхуш сцена ю, Хаваж нохчий гулбеллачу спортзале къайлах чухьежа воьду, иза шена чIоггIа кхераме доллушехь.

– И йоккха парадокс ю, магнито санна, нохчаша шайн тIеийзош хуьлу нохчо. Суна хетарехь, ша и къам жима хиларца дозу иза, тIемаш бахьанехь, депортаци бахьанехь хирг хир ду иза, вовшашца зIе ца хилча ца мега уьш: гIортор, шен маттахь къамел дан нах, хьан гIиллакхах, амалх кхечарал атта кхетарберш. Нохчийн юкъараллина чIогIа деза ду шена юкъара гергарлонаш, стаг ша дIалелаш хуьлуш а дац. Стаг кхиина юкъаралла – иза дерриг а долчу, цхьаалла хIумма а йоцчу хьелашкахь, цундела юкъараллах хаьдда ваха ца ло нохчо, иза стенггахь а хиларх.

Цхьаъ каравой, карор бу бисинарш а, цундела Европе кхаьчча, уьш дIасабоху. ЧIогIа хала ду иза, цхьаалла тIеязло царна, иза дерриг а дахар локдаунехь дIахьар санна ду. Воккха актер хила веза хьо, массарна а аьшпаш буьттуш, цкъа а хьо стенгара ву ца хоуьйтуш, хьайх хилларг ца довзуьйтуш, айхьа бала Iаьвшина а боцуш санна ваха.

– ХIун дан тарло Европерчу нохчаша, цара юха а цIахьажор-х ваций хьо?

– ЧIоггIа етта мега, айпеван тарло, кхеро мега, Европехь а кхерамах ца къастийта тарло. Уггаре доьхнарг хила сахьт дац: вен мега, доьза ван мега. Хьан лоьхур ву хьо? Хьан кхузахь цхьа а ца хилча, я накъостий а, я доьзал а.

– Фильм йоьдучу юкъанна дуккхаза а хеза вайна Хаваже цIавар доьху ненан аудиохаамаш. Уьш эрна кхайкхамаш бу. Суна масийттаза нисделлийла хаьа, Нохчийчуьрчу я Дагестанерчу зударша шайн йоIарий, кIентий Iехабой, Москвара цIабохкуьйтуш, юха уьш цигахь я бойъуш я бовш. Ишта муха нислур ду? Наноша, дог а чIагIдой, чалтачашна тIекхойкху шайн бераш?

– Иштаниг дукха нисло, наной Iехош, цаьргахула нах Нохчийчу дIакхойкхуш. Божарша зудчунна тIедожадо къайладевлла шайн бераш цIехьадерзийтар. Хила тарло уьш Кадыровн ницкъаш, амма дукха хьолехь шаьш доьзалш нисло. Цундела ларлуш хила веза иштачу ненан бIаьрхих а.

Суна ца хаьа оцу нанойн коьртехь хIун хуьлу, алалур ду Хаважан ненах лаьцна. Ас кхеторехь, лаьттачу хьолан хатI цадовзар хилам мега иза. Ша-шеца ойла йича иза ца кхета йиш яц шен кIантана мел кхераме хир ю тIаьхьало. Вукху агIор аьлча, ненан агIор, иза ца теша воI вуьйш ву бохучух, цунна ша иза Iалашвийр ву аьлла хета. Иза Iалаш ца варна цо ша бехкееш санна го суна. Иза мел воккха хиллехь а, онда велахь а, цунна иза цуьнан жимха бер ду, шега иза Iалашвалур ву бохучух теша иза.

– Оцу маьIнехь аьлча, махкара дIавахар тоьлуш ма ду.

– ХолчахIоьттина ю иза, ойла ца йо юьззина. Еш хилча, кхетар яра, цIавеъча, ваша я кхин гаргарниг иза вен декхаревийр вуйла. Хьан гергарчо хьан ваша воь, и хьу коьртехь а кхобуш ваха веза. Я, цахуьлучу далахь, Iедалхоша вуьйр ву. Амма цо хиндерг ма-дарра аьттехьа а ца дуьту. Иза тамаше ду, амма нана теша шега гIодалур ду, шега кIант товалур ву, дерриг а дика хир ду бохучух.

– Хаваж гей хилар хаалуш дац фильмехь. Вайн хIораннан а шен сурт-кеп ма хуьлий, иза оьгIазе ву, дера ву, нохчийн спортсменах тера ву, гей ву эр а дац. Хьуна иза вевза ши шо ду, хIун мехаллаш ю цуьнан, хIун адам ду иза?

– Цхьаъ делахь, цунна хIинца а хала ду "гей" дош багахдаккха а. Цуьнан метта "в теме" алам лелабо. Шена и цIе ца йогIу аьлла хета цунна, цо ша спортсмен лору, паргIат охатохарх латархо. Ша-шеца къийсалуш ву иза даима а, цуьнга иза тIе ца эцало. Ас дуккха а гайтина цуьнан дегI, цуьнан долу хьал иза бен дацарна, ондда дегI, ницкъ болуш борша стаг, оцо къайлахьо цуьнна чохь йоллу хьу.

– Диъ шо ду иза Европехь волу, ткъа шена чуьра гомофоби эша ца елла-кх цуьнга?

– Ца елла. Кхин корматалла яц цуьнан, иза шолгIа тIом боьдучу хенахь кхиина ву, кхин некъ бац Нохчийчохь: я хьо спортхо ву я къепелатточу хьукматашкахь болх бо ахь. ТIом бахьана долуш, доьшийла ца хилла цуьнан, цунна лата бен ца хаьа. 25 шо а долуш, кхин хууш хIума а доцуш, хала ду хьуна. Ас цундела дохура кинона цуьнан дегI уллера, и бен яц цуьнан турс. Шен дегI – цунна иза дерриг а ду.

– Лайлахь Iуьллу юрт фильмехь – иза цуьнан юрт юй?

– Яц, амма иза Нохчийчохь ду. Суна цуьнгара сингаттам гайта лаьара, цунан хьалхалера хан. Иза лайн шело ю, оццу юкъанна - йовхо а.

– Видеохроникан суьрташ цуьнан бераллера дуй – цо даьхна уьш?

– ХIан-хIа, цуьнан дац уьш, амма Нохчийчуьра ду.

– Иза муха нисвелла хьовзаме?

– Евзаш йолчу цхьана спортклубе лелаш хилла иза. Цо юкъарло лелош волу кIант хьийзийна, цуьнан телефон чуьра хаамаш бешна, иштта хIара а гучуваьлла. ХIара спортхо вуйла а, оцу клубе лелаш вуйла хиича, боккха бохам тIебоьжна. Цунна циггахь йиттина, вешина тIевигина, кхуьнца дерг "чекхдаккхийта".

– Вада муха аьтто баьлла цуьнан?

– Суна хетарехь, вашах вада аьтто белла. Цо а йиттина кхунна, иза кхеташ хилла шега, веше санна, юкъаралло ден бохучух. Амма цунна хала хилла шен жимахволу ваша вен, цо лата Iамийна ву иза, цунах спортхо ван гIиртина, толамаш баха а Iамийна, цунах дозалла деш а хилла. Суна хетарехь, ца вен велла цуьнга ваша.

– Нана хьаьжний фильме?

– ХIан-хIа, иза хьажанза ю хIинца а.

– Ткъа Хаваж?

– Иза а ца хьажна. Кестта тхо цхьана хьовсур ду цуьнга.

– Хаважан ненах хIун ду хезаш?

– Иза Нохчийчохь ю хIинца а. Хетарехь, къаръелла. Хаамаш кхоьхьуйту цо цуьнга хIинца а. Цунна цунах шайн къайленаш юьйцу, дагара дуьйцу тептар хилла, гонахарчу нахана йовзийта йиш йоцу ойланаш кхуьнца йоькъу цо. Цхьадика, цуьнца юкъарло леладо Хаважа.

Цунна юхьанца ца хаьара иза стенгахь ву, ша леха дезна информаци. "Новая газеехула" хиина цунна Хаваж санна берш Канаде кхочийла, иза Канадехь хила тарло бохуш Iийна иза, цигахь сахьташца башхалла ю, цундела ца волу хир ву зIене, аьлла хеташ. Цо ша юкъарло лоху хан Канадерчу хенаца тардеш, цунна хало ца ян, цигахь де долчу хенахь кхехьийтина кIанте хаамаш. Цо сагатдина, цигахь шийла ю, юуург муха ю-те цунан, бохуш. Цо къайлаха доьшуш хилла гомосексуализмах лаьцна, кхета гIиртина, ша юй-те бехке, иза лазар делахь, лоьраша, дино муха дарба хьоьху, лоьхуш. Дукха баланех чекхъяьлла иза.

– Ткъа Хаваж? Аз муха ду цуьнан хIинца, хIун хьал ду миграцин кехаташца?

– Аз меттахIоьттина цуьнан. Суна ца хаьа, муха хилла цуьнан аз хьалха, хьалха санна-м дац, дуьззина шен озан дола ца дало цуьнга. ПарггIат вистхилало иза, амма бевзаш боцчу нахаца эхь хета къамел дан. Вела къажа а хаьа цунна хIинца. ТIехьийза кIант а ву цуьнан. ЦIахь иза муха хилла, суна ца хаьа, хетарехь, самукъане, велавелла, векхавелла хиллачух тера ду. Ша хIинца меттавогIуш ву аьлла хета цунна. Иза хьалха муха хилла хаа доладелла суна а. Иза кхечу махкахь ву, хIинца дерриг а дика ду цуьнан.

МухIажаран статус елла цунна, мотт а Iамийна, болх беш ву, къинхьегамехь ву. Гарехь, дегIанна тIеIаткъам бен болх оьшу цунна.

– Спорт дIакхехьа аьтто буй цуьнан?

– ХIан-хIа, профессионалан спорт йитина цо.

– ТIехьийза кIант карийна дика ду! Нохчо ву иза я бухара вахархо ву?

– Нохчо ву иза а.

– Иза а ву мухIажар?

– Ву. Иза кхечу пачхьалкхехь ваьхна, хIинца и шиъ цхьаьна ву. Суна хетарехь, Хаважна ваха ницкъ ло оцу хьоло, вовшашна гIортор ю и шиъ.

Диалог ца нисъелла

– "Артдокфестехь" хIун нисделла, фильм ца гайта стенна бина сацам?

– Иза кинофестивалан сацам бу, тхуна прессера хиира цунах дерг. Со премьера хиларе сатуьйсуш Iийнера, бакъду, зумехула вистхила ца хIоьттира со, инстаграмехула кхерамаш туьйсура суна. Со вац царех озалуш, амма суна цхьа ирча видео яийтира, цундела зумехула къамел дан ца лиира суна.

– Иза хIун видео яра?

– Дийнаташ йойъуш а, цхьа тIемалой юкъахь болуш а яра. Чекхъяллалц ца хьажира со, кхийтира сайга хIун ала гIерта.

– И фильм "Артдокфестан" сайте хIотто йиш хиллийла хаьа суна. Хьо дуьхьал хилира цунна?

– Тхоьга фестивало дийхира иза, тхо реза дара, амма фестивале гаранти ца яла елира пиратан копеш йир яц ала. 99% аьтто хир бу фильман копеш яха, элира тхоьга цара.

– Маца, стенгахь хьовсалур бу Оьрсийчуьра нах оцу фильме?

– Сихха мел нисдели а дика дара иза. Айса фильм ечу юкъанна диалогах ойла йора ас. Мила вогIур ву цуьнга хьажа? – хоьттура ас сайга. БогIур бу юхьанца дуьйна а ас гайтинчунна резаберш, суна Нохчийчохь гойла лаьара фильм. Лаьара хьовсийла шайн бераш хIаллакдина доьзалш, Европе, Канаде бераш девдда дIадахана наной, хилларг дийца, хьахо йиш йоцу нах, хIумма а ца хилча санна баха безарш, суна хетарехь, хала ду царна.

– Нохчийчохь гайта цхьа вариант ю – интернетехула.

– Кхин аьттонаш бац. Оьрсийчоьнан территори тIехь гайта тхаьшкара фильм эцаре догдоху оха, амма Оьрсийчуьра иза эца гIерташ цхьа а ца ваьлла. Цкъачунна фестивалашкахь лелар ю фильм. Охан-беттан 29-чуьра Стигалкъекъа-беттан 9-гIачу кхаччалц Торонтохь Hot Docs фестиваль лаьттар ю, ерриг а Канадехь онлайн кепехь гойтур ю тхан фильм. Цул совнах, гайтамех дерг оха тхайн инстаграмехь а хир ду довзуьйтуш.

Хьалхара дакъа деша: https://www.radiomarsho.com/a/3I2I3474.html

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

В Архангельске прошло первенство Северо-Запада России по киокусинкай



Здоровье

Лекарство на подоконнике: почему каждому стоит есть микрозелень






Новости 24 часа

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Game News

Видеоновости: ЗБТ Zenless Zone Zero и Dark and Light Mobile, Cat Quest III на iOS, мобильные Олимпийские игры и другое



Москва

Замена труб водоснабжения в Московской области



News Every Day

India unveils Gukesh as its youngest challenger in chess history



Блоги

«Браво, артисты!»: в Москве было не по погоде жарко



Москва

23 тыс жителей Серпухова проголосовали за нуждающиеся в благоустройстве локации



Вячеслав Бутусов

Вячеслав Бутусов и Юлия Пересильд выступят фестивале «Дикая Мята» с 14 по 16 июня



Москва

Климатолог Семенов объяснил причины ранних сезонов ураганов в Москве в этом году



WTA

П’ять українок отримали суперниць в основі турніру WTA 1000 в Мадриді: результат жеребкування



Москва

«Где ваши манеры?»: интервью со звездным экспертом по этикету Дианой Булатовой



Арцах

В Музее Победы состоялась премьера фильма «Маршал Аганов». Судьбу инженера Победы экранизировали. Фото. Видео



Симферополь

Вечер позитивного общения  «В мире нет милей и краше танцев и преданий наших»



Москва

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Москва

Собянин: Рост обрабатывающих отраслей в Москве демонстрирует 17 процентов



Москва

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Мокрый фасад: как сделать отделку по технологии СФТК





Путин в России и мире
Москва

Владимир Путин поздравил ветеранов с 50-летием начала строительства Байкало-Амурской магистрали


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

VII Всебелорусское народное собрание: основные заявления Александра Лукашенко




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленский допустил, что Москва и Киев начнут мирные переговоры


Навальный в России и мире
Москва

Запрещено в служении проводившему панихиду по Навальному священнику



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Игорь Бутман

Квинтет Игоря Бутмана и певица Фантине впервые выступят на джазовом фестивале в Бахрейне



Москва

Mash сообщил, где мог жить арестованный замглавы обороны Иванов в Москве

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net