Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу зерашца: 6 велла, ун даьлла 380 стагана
ТIаьххьарчу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь 6 пациент велла коронавирусан ун токхуш хилла, кхин а 380 стагана вирус кхетта.
Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабо Iорадаккхарца, Дагестанехь кхелхина кхоъ, Ставрополан кIоштахь шиъ, ГIалмакхойчохь цхьаъ.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 вирусах 852 дархо.
Къаьсттина дукха бу тIаьххьарчу 24 сахьтехь ун даьлларш Ставрополан кIоштахь – 83 стаг:
Ставрополан кIоштахь +83 (5 975 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран махкахь + 66 (6 589)
Дагестанехь + 47 (8 374)
ГIалмакхойчохь + 45(2 073)
ГIебарта Балкхаройчохь + 44 (5 477)
Кхарачой-Чергазийчохь + 31(3 988)
ГIалгIайчохь + 25 (3 253)
Адыгейхь + 18 (2 205)
Къилбаседа ХIирийчохь + 16 (4 209)
Нохчийчохь + 5 (1 814)
Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 ун даьлла 43 901 меттиг бу. Йоллу Оьрсийчохь, оперативан штабан пIераска довзийтинчу зерашца, 713936 дархо ву.
ТIаьхьарчу кIиранах Ставрополан кIошт ю цомгаш нах дукха хиларца къастаелла. Кхул а хьалха сийсош яра ГIалмакхойчоь.
Коронавирусах дIакхайкхон федералан штабан статистика дукха хьолахь цхьанайогIуш ца хуьлу регионалан а, иштта Росстатан а жамIашца. Мел а лаххара хуьлу цара Iорадоху терахьаш. Хьаькамаша бахарехь, зераш дар кеп-кепарчу метидикашца хиларна бIостане дуьйлу терахьаш.