Суицид ян гIоьртина «Бутырка» талламан изоляторехь латто нохчо
Москвахь лаьцна латто нохчо ша шена тIе куьйг дахьа гIоьртина №2 «Бутырка» талламан изоляторехь. Иза дIакхачийна дарбанан цIийне, хаам бо "Москва"хаамийн агенталло, низамаш лардон органашкарчу хьастана тIе а тевжаш.
Цо бинчу хаамца, шинарин дийнахь Москварчу дарбанан цIийне кхачийнарг ву «Бутырка» талламан изолятрехь суицид ян гIоьртина 28 шо долу Нохчийчуьра вахархо. Дархочо дийцарехь, иза вала гIоьртина хьостамах пайда а оьцуш.
Болчу хаамца, карарчу хенахь цунна гIо деш бу лоьраш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векал хьажийна дарбанан цIийне хилларг къасто.