World News in Chechen





160*600

Новости сегодня на DirectAdvert

Новости сегодня от Adwile

Актуальные новости сегодня от ValueImpression.com


Опубликовать свою новость бесплатно - сейчас


<
>

Эстемирова Лана: Кадыровн цIе а южур ю заманийн ор чу...

Эстемирова Лана: Кадыровн цIе а южур ю заманийн ор чу...

Алексей Александров,                                                                                          Карара хан (Настоящее Время)                                                                           

Итт шо хьалха йийначу бакъоларъярхочун Эстемирова Наташин йоIаца къамел

Уралехь йина Эстемирова Наталья. Нохчийн-оьрсийн доьзалехь йоккхахниг яра иза: да, беран хенахь махкахваьккхина, Казахстане хьажийна Эстемиров Хьусайн, нана – Свердловск махкара. 

Къона йоI йолуш еара Наташа Нохчийчу – Соьлжа-ГIаларчу университетехь деша. Школехь истори хьийхира, тIаккха журналистиках, адамийн бакъонаш ларъяечу балхах юьйлира. "Мемориал" центрца къахьега йолаелира 2000-чу шарахь.

2009-гIачу шарахь дика евзара Эстемирова Наташа Оьрсийчохь а, Европехь а. Газеташка яздора цо, лецна нах болчу изоляторшка, набахтешка лелара, гергарнаш лечкъийна, сингаттамехь бехачу доьзалка кхочура, йовзуьйтура Нохчийчохь лела къизалла.

Товбеца-беттан 15-чохь, Iуьйранна, ша ехачу Хмельницкийн урамерчу хIусамера араяьлла иза. ТIаьхьо тешаша дуьйцур ду, кIайчу жигули чу кхоьссирна иза, мохь биттира, ша ядош хиларх, бохуш. Оццу дийнахь ГIалгIайчохь, "Кавказ" трассина гергахь, коьртах а, некхах а герз диттина, йийна карийна Наташа.

"Мемориалхоша" дийцарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша кхерамаш тийсина а хилла цунна. Амма официало бехкебира "тIемалой", газетехь цо динчу йозанашна бекхам беш йийна иза, аьлла. ГIаттийра бехктакхаман дов, ткъа бац тахханалц я бехкебийраш а, я бехке хила тарлурш а. ГIаттийнехь а, меттахдаланза лаьтташ ду гIуллакх.

Эстемирова Наташин йоIан Ланин 25 шо ду. Шен нана йийна хан ялале, махкахъелира иза, исс шо ду Британехь еха. Нана йийна 10 шо кхочуш Москох еана Лана. Къамел хилира цуьнца "Карарчу Хенан" ("Настоящее Время").

— Оьрсийчохь стенна ца еха хьо, хIунда еана кхуза хIинца?

— Ас дукха ойланаш йо ненах. Иза кхелхина итт шо даьлча "Мемориале" кхача дагалаьцна яра со хьалха дуьйна а. ЧIогIа лаьара Нанас болх биначохь хила, цуьнца къахьегна нах ган. Цундела леррина еана со массех де даккха, цуьнан доттагIий ган, кху дийнахь цаьрца хила.

Британехь еха со хIинца. Нана ен ма йийннехь, хиира суна Оьрсийчохь сайн дахар нислур доцийла, Нана ша а яра ас дозанал арахь доьшийла лууш. Цундела ас Оьрсийчохь, ненан гергара стаг йолучохь а ехаш, яьккхира 11 класс, цул тIаьхьа деша яхара Оксфорде, Лондоне.

— Дешар дара хьуна коьрта? Я хьайна кхузахь кхераме хетарна дIаяхара хьо?

— Суна, сан кхерамзаллах, сагатдора Нанин уьйраша. Кхин тIех боккха кхерам бу сайна аьлла-м ца хета суна. Делахь а, бакъдерг олу ас, со йижина Iачу юкъанна, цIенна гена доццуш, Нана ядийначул тIаьхьа, юха иза йийначул тIаьхьа Нохчийчоьнах херъелира со, хала дара цунах хIусам ала. Тхуна бинарг тешнабехк бара, ас ишта тIеэцна хилларг, цундела со кхийтира, сайна ас дахар кхечу меттехь кхуллур дуйла.

И де. "Хьоьга цхьаммо а ца аьлла? Нана йийна хьан"

— ДагадогIий хьуна и де?

— ХIаъ. Хала ду дагалеца. Цунах лаьцна дийца Iама езачух тера ду.

ТIекхелдинчу цIенош чохь Iаш дара тхо. Со йижина яра, оцу юкъанна Нана ядийнера. Тхан кораш кхечу агIор дара, суна ца хезна цуьнан мохь. Со самаелира, массех сахьт даьлча Наница ган дезаш дара тхойша, со юьрта, гергарнаш болчу йига дагахь яра иза. Со хьалагIаьттира, францойн мотт Iамо яха езара, сайн тоьрмиг кечбира. Эсэмэскаш кхоьхьуйтура ас, жоп ца лора. Даима ен ойла йира ас: ма чIогIа балханна чуюлу хьо, айхьа олу, эсэмэскаш язъе, ткъа язйича, ган а ца го! Телефон тоха юьйлира, амма жоп луш яцара цуьнан телефонаш. Юьхьанца горгали дIабоьдура, тIаьхьо иза "дIа ца кхочу" олура операторо.

Со ГIаларчу "Мемориалан" офисе яхара. Цигахь бара цуьнан коллегаш – гуш дара цара сагатдеш хилар. Амма со тейора: "Доьхна хIума дац, дерриг а дика хир ду", бохуш. Иза цхьаьнхьа сайцийна хила мега, цхьана хьаькаман офисехь хила тарло, ойла йора ас. Хьалха цкъа-шозза лаьцна ма-хиллерий иза. Цундела со юьхьанца саготта а яцара, амма бала тIаьхьо боьссира кийра. 5-6 сахьт делира иза йоцуш, со Нанин коллега йолчу йигира буьйса яккха. Сингаттам IаьIира дагчу, хаьара хьал дика доцийла.

Соьга цхьаммо а ца дийцира хилларг, цундела хууш яцара хIумма а. ЦIеххьана телефон туьйхира цхьана зудчо, иза суна евзаш а яцара, йоьлхура иза. Боху: "Хьуна хIинца а хууш дац?" –"ХIун?" - "Хьоьга цхьаммо а ца аьлла? Нана йийна хьан". Коьртах хIума тоьхча санна хилира суна. Оцу зудчуьнга вон йист а хилла, телефон охьакхоьссина, цхьаьнхьа дIахьаьдира со, дага догIу суна, Iеттийра, тIаккха тиларчуьра елира. Теша ца лаьара, ца тешалора, делахь а, дагна хаа-м хаьара и бакъ дуйла. Буьйса яьккхира ас гонахара хьал ца кхетош, тиларчуьра юьйлуш, бакъдерг билгалдаланза дара.

ШолгIачу дийнахь тхо офисе дахара, цигахь адам дара гулделла. Кхийтира со дерриг а чекхдаьллийла. Стенна дара а хаац, дейишига телефон тоха дIахьадира со: "Ма теша цхьаннах а, Нана дийна ю хьуна". ТIаккха Нанин накъостийн яххьаш гира суна, кхийтиратIаккха иза дийна йоцийла. Нанин коллегас со юьстахъяккхира, дийцира хилларг.

— 16 шо дарий хьан хIетахь?

— 15.

— Ахь оцу хенахь ерриг а хан ца йоккхура Нохчийчохь, хаьа суна, Екатеринбургехь доьшуш хилла хьо. ТIаьххьарчу хенахь хьо Нохчийчу аьхка бен йодурий?

— ХIан-хIа, шо бен ца даьккхира ас цигахь, гергара зуда йолучохь, 2008-2009-гIа шо, нанас сагатдора суна. Цул хьалха Москохна гена доццуш а гIоьртира со деша, массех баттахь – амма суна хала дара цигахь, цундела Нанас дIайигира массех беттанашна, 14 шо дара сан хIетахь.

Нанас дерриг де балхахь доккхура, суна сагатдора, со хIун лелош ю ца хууш. Олура цо соьга: "Сихха цIа гIолахь, школин кертахь берашца ловзуш а ца Iаш".

Дукха хан яьхьина охашимма вовшахкъаьстина, и халахета суна чIогIа. Цуьнан тIаьххьарчу шера чохь тхойша шозза бен ца гира, Iеткъа суна иза.

Бакъонашларъяр. "Суна бераллехь дуьйна а хаьара иза атта болх боцийла"

— Нанас хьайга Нохчийчоьнал арахьа хан яккха алар муха тIеоьцура ахь? Хьо кхетарий цуьнан болх шайна кхераме буйла?

— Ас ловра Нанин болх. Ловра бохург-м нийса дош а дац – суна гора цо муха болх бо, гора, шайн кIентий лечкъийча, богIу и декъаза наной. Суна дукха хьалхе хиина иза 9 даьлча 17 сахьт даллалц беш болу болх хилла ца Iайла – иза деза декхар дара, цунна Дала тIедиллина. Кхетадора ас иза, цундела ца бора дегабаам. Со йоьллера тхан дахар ишта хиларх.

Амма сан 14 шо долуш, гергарнаш болчу дIахьажийча, хала хилира суна, вуно чIогIа хала хилира. Кхуьу шераш дара сан, цхьа къайленаш а ма хуьлурий сан оцу хенахь, ас чIогIа сагатдора Нанина. Айса-сайна лелош йозанаш дара сан, яздора ас, со кхета Нанина шен болх тахана массо а хIуманал беза буйла, амма дан хIума дац сайна, сагатло, чIогIа лаьа тхаьш цхьаьна дехийла, олий.

Наггахь дегабаам оьккхура коьрте, делахь а кхетара, ца бича ца йолура иза шен болх. Дегабаамаш беха а ца кхобура ас сайца, суна хаьара айса лелориг бералло леладойтуш дуйла, Ненан кхин приоритеташ юйла.

— Цо дуьйцурий хьоьга оцу хьокъехь? Хьоьхурий?

— Иза цо дийца оьшуш а дацара. Соьца атта дара цунна, аьлла хета суна. Олуш товш дацахь а, атта дара, цо суна хьеха ца оьшуш, синошца лелаш зIе яра тхойшиннан. Охашимма ца олуш дуьтура дукха хIума, амма кхетара вовшех. Ша со хIоразза а кхаа кIиранна юьрта хьажош, цо ца олура: "Со кхоьру хьуна цхьаъ хиларна". Олура: Iе цигахь кIеззиг, хьуна шичой ганза хан ма яьлла".

— Нанас шен и кхераме болх буьтийла лаьрий хьуна?

— Ас эриг даима а цхьаъ дара: ларлолахь. Ас доьхура цуьнга, кхерама кIел цахIиттар, йоьду-йогIу меттиг сайна хаийтар.

Цуьнан тIаьххьара шо дара суна сингаттаме, даго хьоьхура, цхьа бохам хила боллу, бохуш. Вон гIенаш гора суна, наб ца йора буса. 2009-чу шарахь, Дечкен-баттахь дара моьтту суна иза, Маркелов Стас вийра, бакъоларъярхо, антифашист, юрист, тхоьца хьошаллехь вара иза. Цул тIаьхьа нанна кхин а чIогIа сагатдора ас. Амма ас цкъа а ца аьлла цуьнга, болх бита.

Таллам. "Бакъдерг дийца йиш йоцу система"

— Нана ер толлучу бехктакхаман гIуллакхо хьо лорий зен хилларг? Талламчаш зIене бовлий хьоьца?

— Сан ненайиша лелла толлуш, официалехь иза ю зенхилларг язйина, хIунда аьлча, нана леш со кхиазхо яра, шераш дацара сан талламна юкъайола. Таллам тергалбийриг ненайиша ю. Кхеташ ду, со йоккха хилла, тергалдо талламо дийриг ас а. Бакъду, шераш девлира соьга талламчийн йозанаш деша ца луш, суна чIогIа хала дара и дерриг а.

— Ткъа толлуш ма дац хIумма а?

— Иза ду-кх. Къасталуш дац цхьа а хIума, гIуллакх цкъа сацийнначохь латтадо, тIаккха юха а айдо. Официалехь боху талламо, Нана йийнарг тоххара велла волу цхьа тIемало ву. Со аьттехьа а ца теша оцу версех.

— ХIинца хIун статус ю гIуллакхан?

— Хетарехь, юхаайдина. Бакъдерг аьлча, со теша-м ца теша.

— Хьуна мила хета бехке? Хьайн нана йийнарг мила лору ахь?

— Ас тIе пIелг хьажор бац хIинца цхьанна а. ХIунда аьлча, дерриг а долу дуьхьал. Массо а бу бехке - Путина а, Кадыровс а кху 20 шера чохь кхиийна система ю бехке. ТIаьхьало йоцуш бакъдерг дийца йиш йоцу система, Iедало дийриг, я цадийриг далхо йиш йоцу система. И ерриг а система яра сан нанна хийца лиинарг, цунна дуьхьал къийсалуш бу хIинца а бIеннаш бакъоларъярхой, журналисташ, адвокаташ.

— "Керлачу Газетан" ("Новая газета") журналистийн а, "Мемориалан" а версица, Эстемирова Наталья ер доьзна ду цо тIаьххьара талла юьхьаръэцна хиллачу хиламца: Куьршалан кIоштарчу полицино нах идорца. Ахь къобалйой и верси?

— ХIаъ, со 100% теша Нанин коллегех. И верси цераниг хиларна, со тешна ю, бакъдолчунна герга йолу верси ю иза. Ас даима а хотту цаьрга, сайна цхьаъ хаа эшча, я талламца дерг хаа лиича.

"Со чIогIа оьгIазъяхийтинера". Титиев Аюбехьа дIаяьхьина акци а, Эстемирова Натальях лаьцна йолу книга а

 

— Шо хьалха долийра талла Титиев Аюбан дов, ахь цуьнан агIо лоцуш видео араяьккхира. Стенна дира ахь иза?

— Титиев Аюб Нанин коллега волундела, нохчийн бакъоларъяран боламна уггаре хала долчу муьрехь шен тIома кIел ийцира цо "Мемориал". Иза доьналла дара. Иза лаьцча вуно йоккха оьгIазалла йоьссира соьга! Сайга иза кIелхьараваккха далуш дерг дерриг а дан лиира суна.

Нийса ца хила а мега со, Нана йийна бевлла "уьш", хIинца мелла а кхерамзаллехь бу цуьнан белхан накъостий, аьлла хетара суна. Моьттура, кхин цхьа а ваьхьар вац и тайпа гIулч яккха. Амма Аюб лаьцча кхийтира со дерриг а кхечу хьесапехь дуйла… Уггаре хьалха суна дагатесинарг дара: Далла бу хастам, иза дийна ву, ца вийна, ца хьийзийна цхьаммо а. ХIетте а оьгIазалла йоьссира соьга, Нанин кхечу коллегашка а санна, иза лаьцча.

— Хьо книга арахеца кечлуш юйла хаьа суна. Ингалсан маттахь стенна язйо ахь иза?

— Дукха хан яра со книга язъян лууш йолу. Нана дIайоьллинчул тIаьхьа ас цхьанненна а ца елла интервью, амма хаьара тхайх лаьцна ас айса цкъа мацца а дуьйцур дуйла. Нохчийчохь хуьлуш лаьттачух, тхайн дахарх.

Ши шо ду со язъян йолаелла. Юьхьанца оьрсийн маттахь яздеш яра, амма ингалсан матте яьлла. Айса ингалсан маттахь яздеш сайна бохамах мелла а "юьстахъяла" атта дуйла кхетта со. Сайн йозан хатI лардан атта ду суна ингалсан маттахь. Мелла а атта бу суна и мотт, сан йозанаш а ду кхетон атта.

— Дагалецамаш бу уьш? "Мемуараш" олу жанр-м яц иза?

— ХIаъ, мемуараш ю. Сайн накъосташка, бевзачаьрга ас кху тIаьххьарчу шерашкахь кест-кеста дуьйцу тхаьш муха дехара. Деккъа Ненах лаьцна а дац сан дийцарш – бомбанашна кIел муха даьхна, дийнаташ а тIехь муха хьерайовлура оцу къематденна кIел, тхаьш я хи а, я серло а йоцуш муха даьхна… Дукха бу дагалецамаш, уьш книгина чулаца йоллу со.

Ас кечъеш йолу книга – иза бу сан синтем, дагчохь мел еха оьгIазалла, сингаттам, адамаша кхеточу кепехь, креативехь, цунна чубилла йоллу со. Суо-сайн огучул, къарлучул, яхначу заманахь юьсучул, сайн ойланаш нехан кхеле яхкар атта ду суна, тIаккха балур бу дахарехьа некъ а. Нана а, цуьнан дахар а цкъа а дицлур доцчу кепехь наханна довзийта лаьа суна. ХIуманна а бехке а боцуш, цхьа лаам бу сан – зуламхойн цIерш йовзанза йисахь а, диц ца далийта ненах долу иэс. Иза-х доккхур даций соьгара цхьаммо а.   

— Нана ерах болу дагалецамаш хир буй хьан йозанашкахь?

— ХIаъ, ас сайггара дуьйцу цу тIехь, сайн бIаьргашна ма-гарра. Книгин цхьа корта бу Нана ерах лаьцна, и ирча де дагалоцуш. Нана ерах лаьцна а яц сан ерриг книга. Иза дахарх ю, уггаре хьалха, сатийсамах ю. Беламе меттигаш а ю цунна чохь.

— Маца арахеца дагахь ю хьо иза?

— Цхьацца хIуманаш ду къасто дезаш. Кхушара арахецаре догдохура ас, гарехь, хьалхадер дац иза, тIедогIучу шеран юьххьехь араяла мега.

— Ингалсан маттаххьий?

— Ингалсан а, оьрсийн а меттанашкахь

— Ахь ойла муьлхачу маттахь йо?

— Оьрсийн маттахь къамел деш – оьрсийн маттахь, ингалсан мотт буьйцуш – ингалсан дешнашца.

— Ахь стенгахь дешна, хIун говзалла ю хьан? Болх хьайн говзаллица боьзна буй хьан?

— Ас Лондонехь экономикан, политикан, дуьненаюкъарчу зIенийн Школа чекхъяьккхина. Шина шарахь майрачунна тIекхача бакъо луш йолу виза йоцуш Iийра со, аьтто ца белира сайн корматаллица болхбан. Цкъачунна книгина тIехь ю ерриг терго, тIаьхьо дIагIертар ю-кх дахаре.

— Хьо дешна яьлла дукха хан юй?

—  Ши шо.

— Марехь юй хьо?

— Ю. Делахь а, дуьйцур дац ас дерриг.

Нохчийчоь. "Соьлжа-ГIалахь Нанин хIоллам хуьлийла лаьара суна"

— ВВС-на интервью луш, ахь аьлла, хьуо Нохчийчоьнца йоьзна йолуш санна хета хьайна. Оцу махка юхаяха дог дуй хьан? Со кхета, хIинца бацахь а, цкъа и лаам буссур буй хьоьга?

— Нохчийчоь сайн хIусам лара мел хала делахь а, суна цкъа а йицлур яц Нохчийчоь. Хаьа, со кхиболу нохчий санна яц, ас мелла а кхечу хьесапехь кхетадо дахар, со маьрша кхиийна ю. Делахь а, нохчо ю со, юьртах а сагатдо, Соьлжа-ГIала ган а лаьа. Сатийсам беха соьца. Цкъа мацца а Кадыровн цIе южур ю заманийн ор чу, Соьлжа-ГIалахь Нанин хIоллам хуьлийла лаьара суна – цо болх бинчу "Мемориална" хьалха, Эгначу Журналистийн Майданахь. Ас догдоху со цига кхачаре, хIоллам схьабоьллуче.

— ХIоллам хIоттабойла дац аьлла хета хьуна? Ша, Оьрсийчоь, шалхенашца еха пачхьалкх елахь а, атта хIитта ма бо цигахь беллачарна хIолламаш…

— Кадыров Iедалехь а волуш, суна ца лаьа хIоллам хIоттабойла. ХIунда аьлча, оцу стага шен хIилла, шалхе хьалхайоккхур ю оцу тIехь а.

— Британехь хьоьца доьшучу кегийрхошна хаьарий хьо стенна дIаяхана Оьрсийчуьра?

— Хаьара дера, массарна а хаьа, ас къайле ца йо цунах. Хьалха ас сайн бераллах, сайн ненах лаьцна дуьйцуш, сан накъосташна – уьш Лондонна юьстахо хьалакхиина бераш дара – ца хаьара шаьш соьга хIун ала деза. Амма цара леррина ладугIура соьга, соьца вуно дика бара, сох доглозуш хуьлура. Ас дозалла до сайн доттагIех, шаьш цкъа а Нохчийчохь хилла боццушехь, цигара Iазап гина боццушехь, со суо ма-ярра, ларамбеш, тIеоьцура цара.

Читайте на 123ru.net

Другие проекты от 123ru.net



Архангельск

В Архангельской области деятельность по сбору вторсырья получит новые механизмы для развития



VIP

Финалист шоу “Голос” Сергей АРУТЮНОВ прямо при выезде со своего сольного концерта в Кремле cлучайно сбил девушку. А ей оказалась солистка группы Демо.






Новости 24 часа

Она видит ложь: ТВ-3 начал съемки сериала «Лиса» с Олесей Фаттаховой



Game News

Видеоновости: ЗБТ Zenless Zone Zero и Dark and Light Mobile, Cat Quest III на iOS, мобильные Олимпийские игры и другое



Москва

Прояснение причин СВО. План улучшения отношений. И дополнительно: "При чём здесь Ленин?"



News Every Day

Scheduling Alignment Is More Important Than Strength of Schedule For The Chicago Bears In 2024



Авто

Что учесть при выборе перевозчика: рекомендации «Грузовичкоф»



Москва

Генерал армии Виктор Золотов поздравил военнослужащих, сотрудников и ветеранов Сибирского округа Росгвардии с годовщиной создания объединения



Тимати

Валентина Иванова кардинально сменила образ и стала похожа на одну из бывших девушек Тимати: видео



Москва

Питерским генералам сидеть в столице // Экс-начальника ГУ МВД по Санкт-Петербургу и его подчиненных хотят судить за взятки в Москве



Новак Джокович

Легенда тенниса рассказал, готов ли он опять стать тренером Джоковича



Москва

Баскетболист ЦСКА Хэнлан назвал Москву лучшим местом для жизни



Шапка

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Симферополь

Литературная гостиная «Так хочется жить», к 100-летию со дня рождения В.П. Астафьева, русского писателя.



Москва

Разработчик гиперконвергентной платформы vStack и «Системный софт» подписали соглашение о партнерстве



Москва

Собянин: Свыше 3 тысяч жителей Академического района получили жилье по реновации



Москва

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)



Другие популярные новости дня сегодня


123ru.net — быстрее, чем Я..., самые свежие и актуальные новости Вашего города — каждый день, каждый час с ежеминутным обновлением! Мгновенная публикация на языке оригинала, без модерации и без купюр в разделе Пользователи сайта 123ru.net.

Как добавить свои новости в наши трансляции? Очень просто. Достаточно отправить заявку на наш электронный адрес mail@29ru.net с указанием адреса Вашей ленты новостей в формате RSS или подать заявку на включение Вашего сайта в наш каталог через форму. После модерации заявки в течении 24 часов Ваша лента новостей начнёт транслироваться в разделе Вашего города. Все новости в нашей ленте новостей отсортированы поминутно по времени публикации, которое указано напротив каждой новости справа также как и прямая ссылка на источник информации. Если у Вас есть интересные фото Вашего города или других населённых пунктов Вашего региона мы также готовы опубликовать их в разделе Вашего города в нашем каталоге региональных сайтов, который на сегодняшний день является самым большим региональным ресурсом, охватывающим все города не только России и Украины, но ещё и Белоруссии и Абхазии. Прислать фото можно здесь. Оперативно разместить свою новость в Вашем городе можно самостоятельно через форму.



Новости 24/7 Все города России




Загрузка...


Топ 10 новостей последнего часа






Персональные новости

123ru.net — ежедневник главных новостей Вашего города и Вашего региона. 123ru.net - новости в деталях, свежий, незамыленный образ событий дня, аналитика минувших событий, прогнозы на будущее и непредвзятый взгляд на настоящее, как всегда, оперативно, честно, без купюр и цензуры каждый час, семь дней в неделю, 24 часа в сутки. Ещё больше местных городских новостей Вашего города — на порталах News-Life.pro и News24.pro. Полная лента региональных новостей на этот час — здесь. Самые свежие и популярные публикации событий в России и в мире сегодня - в ТОП-100 и на сайте Russia24.pro. С 2017 года проект 123ru.net стал мультиязычным и расширил свою аудиторию в мировом пространстве. Теперь нас читает не только русскоязычная аудитория и жители бывшего СССР, но и весь современный мир. 123ru.net - мир новостей без границ и цензуры в режиме реального времени. Каждую минуту - 123 самые горячие новости из городов и регионов. С нами Вы никогда не пропустите главное. А самым главным во все века остаётся "время" - наше и Ваше (у каждого - оно своё). Время - бесценно! Берегите и цените время. Здесь и сейчас — знакомства на 123ru.net. . Разместить свою новость локально в любом городе (и даже, на любом языке мира) можно ежесекундно (совершенно бесплатно) с мгновенной публикацией (без цензуры и модерации) самостоятельно - здесь.



Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

LG ЗАНИМАЕТ ЦЕНТРАЛЬНОЕ МЕСТО НА 37-М МЕЖДУНАРОДНОМ СИМПОЗИУМЕ И ВЫСТАВКЕ ЭЛЕКТРОМОБИЛЕЙ





Путин в России и мире
Москва

Шойгу рассказал о формировании Московского и Ленинградского округов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Сегодня президент Беларуси Александр Лукашенко встретился в Минске с губернатором Поморья Александром Цыбульским




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленскому предложили не ограничиваться Бандерой и захоронить на капище под Киевом молекулы Гитлера


Навальный в России и мире
Москва

Мосгорсуд оставил в СИЗО журналистку Фаворскую, обвиняемую в экстремизме за репортажи о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Оззи Осборн

Оззи Осборн во второй раз войдет в Зал славы рок-н-ролла



Москва

Странный звонок прозвучал сразу после убийства. А потом появился "брат": Что сейчас известно о деле мигранта, сгубившего москвича

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net