Керла прокурор тIечIагIвина Дагестанехь
Дагестанан Халкъан Кхеташоно пурба делла Дагестанан прокуроран гIовс Ежов Алексей прокуроран дарже хIоттон, хаамбина "Интерфаксо".
Хьалхо Абакан гIалин прокурор лаьттина Ежов. Иза вина Алтайхь 1980-чу шарахь.
2018-чу шеран Охан-баттахь Дагестанан прокуроран Попов Денисан гIовс хIоттийра Ежов.
Дагестанехь прокурор Iийна Попов Мангал-баттахь хьажийна Москох прокуроран дарже.