Къилбаседа ХIирийчохь куьйгалхо хийцина. Битаров Вячеславах мукъадаьккхинчу дарже хIоттийна Меняйло Сергей
Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо Битаров Вячеслав мукъаваьккхина даржах. Цуьнан меттиг дIалоцур бу Сибрехарчу президентан векала Меняйло Сергейс. "Хенал хьалха Къилбаседа ХIирийчоь-Аланин куьйгалхочун дарж мукъадаккхарх" долу омра президента арахецарх лаьцна хаам бу Кремлан сайта тIехь. Республикан куьйгалле хIоттар дехна президента Путин Владимира Меняйлога, боху "Интерфаксо". Важа резахилла. Битаров даржера дIавоккхуш хиларх лаьцна яздира масех интернет-ресурсо. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун администрацино иза фейк ю, элира. Читать дальше...