Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 20 стаг, цомгуш хилла кхин а 357
ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус кхеттарца билгалваьлла 20 пациент велла Къилбаседа Кавказехь. Цамгар гучуяьлла кхин а 357-нца. Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан информацица, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгар кхеттачу нахах велла 12 стаг, Ставропол-махкахь – 4, Къилбаседа ХIирийчохь – 2, Дагестанехь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана схьа Къилбаседа Кавказехь, официало чIагIдарехь, уьнах велла 8645 стаг. Уггаре дукха бу коронавирусо дийнахь-буса лецна нах Краснодар-махкахь – 109 стаг. Читать дальше...