ГIебарта-Балкхаройчуьрчу кхело ши стаг бехкевина школин хьехархочух латарна
Нальчик гIалин кхело Гацалов Артур а, Темукаев Тамерлан а бехкевина бераца иккхина конфликт бахьанехь школерчу хьехархочунна еттарна, хаам баржийна "Интерфаксо". Шинна а тоьхна цIахь такха ши шо. Нальчикерчу №2 лицейн дешархочунний, хьехархочунний юкъа конфликт юьйлира Лахьан-баттахь. Дешархочо арздина хилла шен девешига Гацалов Артуре. Талламан версица, лицей веъначу Гацаловс а, цуьнан накъоста Темукаевс а классера аракхайкхина хьехархо. Цхьаммо еттачу юкъанна, шолгIачо лаьцна латтийна иза, тоьхна масийттазза. Читать дальше...