Адвокаташ: "гIалгIайн дов" толлуш лебинчу нахера ницкъаша даьхна тоьшаллаш
ГIалгIайн жигархойн бехк зуьйш талламчаша лебинчу тешашкара дареш низамехь йоцчу кепехь даьхна -иштта ду Зазадоккху-беттан 31-чохь жоьпе ийзийначийн авдвокаташа йоьдучу кхелехь дина дIахьедарш. Цара бахарехь, таллам дIахьош низамлардечу хьукматийн белхахоша дареш даха талламчашна тIе ницкъаша балош хилла тешаш, хоуьйтуш ца хилла царна шайн статус. Цундела тешаша, шаьш цхьана зуламна бехкедарна кхоьруш, харц дареш дина хила а тарло, аьлла адвокаташа. "Тешаш Iуьйранна пхи сахьт даьлча лецна, церан гергарчарна а беш хилла ницкъ"... Читать дальше...