Москвахь дийцарш дIахьош бу Оьрсийчоьнан, Азербайджанан, Эрмалойчоьнан дипломаташ
Оьрсийчоьнан, Азербайджанан, Эрмалойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраш бу ша-шех пачхьалкх кхайкхийначу Ломан Карабахан хьокъехь дийцарш дIахьош. Цунах лаьцна хаийтина Оьрсийчоьнан дипломатийн векала Захарова Марияс. Президента Путин Владимира, Ломан Карабахера тIом сацорах хьелаш дийцаре дахкар хьоьхуш бина кхайкхам тIеоьцуш, хьовсийна Бакуно а, Еревано шен векалш Москва. Хьалхо Путина гуманитаран Iалашонца тIом сацор дехнера шина а агIоне – белларш а, лецнарш а вовшашка дIасабалийтархьама. Читать дальше...