ГIалгIайчохь почтана герзаца тIелатар динарг каравеана
Хадархочунна чевнаш еш, Карабулакерчу почтана пIераскандийнахь тIелатар динчу тобанах цхьаъ дIалаьцна аьлла, хаамбина талламчаша. "Кавказский узел" агенталло яздира, коьртах чов йина Карабулакерчу почтан хадархочунна аьлла. Полисхойн зерашца, кхоъ хилла тIелеттарг, церан массеран а аьтто баьллера къайлабовла цу дийнахь. Талламчаша оршотдийнахь еллачу информацица, зуламхойх цхьаъ каравеана, уьш берш а республикера бахархой хилла аьлла, дIахьедина талламчаша. Ишта карийна зуламхой къайлабовлучу хенахь цаьргахь хилла "Лада Приора" машен а... Читать дальше...