ДAИШ-ан Шемарчу тобанца тӀаьххьара тIом болийна курдаша
Цхьаьнатоьхначу Штаташа гIо деш йолу Шеман демократин ницкъийн тобанаша шотдийнахь тIелетта цу пачхьакхехь "Исламан пачхьалкх" шех олучу ДAИШ-ан (ад-Дауля аль Исламийя фи-ль-Ирак уа-аш-Шам) тобано дIалаьцна латточу территорина. Курдийн тIемалойн тобанаша коьрта дакъалоцучу Шеман оппозицин ницкъийн коалицин векло, Reuters агенталлана интервью луш, дIахьедар дина, шаьш болийнарг тIаьххьара тIом бу Шемахь болчу "Исламан пачхьалкхан" тIемалошна дуьхьал аьлла. Курдийн тобанашна хIаваэхула гIортор еш ю Iамеркоа хьалхаяьлла йолчу коалицин авиаци. Читать дальше...