Бексултанов Муса. Ирча Iуьйре
Бексултанов Муса Ирча Iуьйре Воккха стаг Къаьхьир, туька ларъеш, хехь вара, цу балхана динчу жимачу цIалгаI чохь буьйсанаш йохуш. ЦIалг туькана уллохь дара, геннара гуш, котамийн куьрк санна, жима а хиэташ, мелла а букар ца таьIча, дегI ма-дду хьаланисвала аьтто а боцуш: Къаьхьир ша лекха стаг а вара, ши метар гергга гIоьрташ. Аьчкан пеш а лаьттара чохь, хих дуьзна ведар а дара, наштаран тас а долуш; вижа-гIатта аннех йина цхьа готто терхи а гуора. Цу буса – аьхкенан буса, – маьркIаж-ламазана тIаьхьа... Читать дальше...