Бехкатакхаман ши гIуллакх долийна нохчийн дов даьллачу Башкирехь
Полицино бехктакхаман ши гIуллакх долийна Башкирехь, Баймакан кIоштарчу Темясово эвлахь меттигера бахархой а, нохчий а латаран хьелаш къастон таллам дIахьош. Дов иккхинера Гезгмашин-беттан 30-чу буса. Цу латарехь дакъалоцуш хилла иттех нохчий а, 40 гергга башкир. Царах цхьанна уьрсан чов йина. Конфликт хиллачул тIаьхьа Башкирера кегийрхой меттахбевллера шайн эвла балха баьхкинчу Нохчийчуьрчу бахархойн лелар ца тов шайна аьлла. Карарчу хенахь цу эвлахьболх беш бу кIоштара хьажийна полицин белхахой. Читать дальше...